Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха ИбрахІима аьлла цуьнга: „Нагахь Мусага а, кхечу пайхамаршка а ла ца догІахь, веллачуьра денвеллачух а уьш тешар бац“». Пасахьан дезачу дийнахь, Іийса Ярушалаймехь волуш, Цо деш долчу тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш а гина, дукхахберш тийшира Цунах. Ткъа тобанна юкъара дукхах болу нах тийшира Цунах. Цара бохура: «Дала леррина Къобалвинарг веача, Цо ХІокхо гайтинчул сов гойтур юй те тамашийна билгалонаш?» Іийсас бохург хезаш болчех дукхахберш Цунах теша буьйлабелира. Цигахь дукха нах тийшира Іийсах. ХІунда аьлча ЛаІзар бахьана долуш баьхкина дукхах болу яхІудхой, динан куьйгалхойх дІа а къаьстина, Іийсах тийшира. Ур-атталла куьйгалхошна юкъара а дукхахберш тийшира Іийсах. Амма шаьш парушхойх кхерар бахьана долуш, цара ца хаийтира шаьш тешний. Уьш кхоьрура шаьш гуламан цІийнах дІакъасторах.
Выбор основного перевода