Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха Іийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Іилманчеххий и хІума къайла а даьккхина, бер санна, догцІеначарна Ахьа иза дІаделларна. «Ткъа хІинца Сан са карзахдаьлла. ХІун ала те Ас? „Дада, кІелхьарваккхахьа Со кху сахьтах“? Амма кху сахьтана веана ма ву Со. Дада! Гучуяккхахьа Хьайн цІеран сийлалла!» ТІаккха стигалшкара аз хезира: «Ас Сайн цІеран сийлалла гайта а гайтина, ткъа хІинца кхин а гойтур а ю», – аьлла. И дешнаш а аьлла, Шен бІаьргаш стигала хьала а хьажийна, Іийсас элира: «Дада! ТІедеана и сахьт. Гайтахьа Хьайн КІентан сийлалла, Цуьнга а Хьайн сийлалла гайтийта.
Выбор основного перевода