Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара, и дахар адамашна серло а яра. КІантах тешачунна Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Ткъа КІантана муьтІахь ца хуьлучунна цкъа а гур дац и дахар, амма Делан оьгІазло а йолуш ю цунна тІехь. ХІунда аьлча Шен Дас белларш денбаре терра, иштта КІанта а Шена луъург денво. ХІунда аьлча Ден а Ша-Шена чохь дахар хиларе терра, иштта Шен КІантана а делла Цо Ша-Шена чохь дахар хилар. Цец ма довлалаш цунах, хІунда аьлча тІейогІуш ю и зама, кешнаш чохь болчу массарна а Делан КІентан аз хезар долуш. Шен са дезачо иза хІаллакдо. Ткъа кху дуьненахь шен са ца дезачо, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачархьама, Іалашдийр ду иза. Суна хаьа, Делан весето Ша волчохь хедар доцучу дахаре валавой. Цундела Айса бохург, Сайн Дас ма-аллара, боху Ас». Цунна дуьхьал Іийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тІе, Соьгахула бен. Дерриг а адам, Адамца доьзна хиларна, лийриг хиларе терра, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна хиларна дерриг а адам дендийр ду. Амма хІораннан а шен-шен рагІ хир ю. Дала леррина Къобалвинарг денбинчарах дуьххьарлераниг ву. ТІаккха Иза схьавеача, Цуьнан долахь берш а денбийр бу.
Выбор основного перевода