Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цара элира ЕшаІ-ЯхІуга: «Иштта боху Хьузакх-ЯхІус: „Сингаттаман а, таІзар даран а, эхь тІедаран а де ду хІара, хІунда аьлча бер дуьнен чу доккхучу, ткъа и бер дан ницкъ ца кхочучу зудчух тарделла вай. Юьхьанцара дуьйна чаккхенехь хин дерг дийцина Ас. Ширачу заманашкахь Ас аьлла хІинца а хилазчух лаьцна. Ас аьлла: Сан Іалашо кхочушхир ю, Сайн лаам берг Ас дерриг а дийр ду. Сан ялхой болчу пайхамаршкахула Ас тІедиллина долу Сан дешнийн а, парзийн а тергам ца бина дела, шун дай жоьпе озийна! ТІаккха шун дай Суна тІе а боьрзура, цара иштта а олура: „Массо а ницкъийн Везачу Эло, тхан некъашка а, тхан гІуллакхашка а хьаьжжина, Ша тхуна дан билгалдаьккхинарг дина тхуна“».
Выбор основного перевода