Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цу хенахь Ашур-махкара волу паччахь ПІула Исраил-махкана тІегІоьртира. Менахьима эзар гали дети делира ПІуле, цуьнга шена гІо а дойтуш, шен паччахьалла чІагІдархьама. Шуна кхидІа а хІунда таІзар дан деза? Шу кхидІа а хІунда дуьхьалдовлу? Берриг а корта цамгар кхетта бу, дерриг а дог гІелделла ду. Когийн айрашна тІера хьеюккъе кхаччалц дийна меттиг яц хьан дегІа тІехь. ДегІа тІехь чевнаш ю, сурхаш евлла, делладелла даьІнаш ду. Уьш цІан ца дина, дІа ца дихкина, царна даьтта ца хьаькхна, лазар лахдархьама. Мисар-махка а даьхкина, Нил чуьра хи маларх хІун пайда хир бу хьуна? Ашур-махка а даьхкина, Эпрат чуьра хи маларх хІун пайда хир бу хьуна? Иштта боху Везачу Эло Шен халкъе: «Хьан чевнна дан дарба дац, хьан йоьхна меттиг меттахІотталур яц. Эпрайман халкъ кхокханах тарделла, иза сонта а, кхетам боцуш а ма ду! Цуьнан халкъо Мисар-махке гІо доьху, Ашур-махка гІо деха а доьду иза. Исраилан халкъ Ашур-махка дІадахара. Виркхело шена лоьхуш йолу акха вир санна, Эпрайма совгІаташ дарца безаргаш шегахьа бохура. Цул сов, и эса-цІу Ашур-махка дІахьур ву сийлахьчу паччахьна совгІатна. Эпрайман халкъ а юьхьІаьржачу хІоттийна хир ду. Исраилан халкъана шена, дечиган цІу бахьана долуш, эхь хетар ду. Шайца хІара дешнаш схьа а эций, Везачу Элана юхадерзийша. Иштта алийша Цуьнга: «Гечдехьа тхан массо а къиношна, тІеэцахьа тхан дохкодовларан доІа, ткъа оха Хьуна хастамийн сагІанаш дохур ду.
Выбор основного перевода