Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Хьо хьайн йишас дІакхехьначу некъа тІе елира. Цундела Ас хьоьга дІалур бу цуьнан таІзаран кад». Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьайн йишин кад ахьа дІамер бу. Иза кІорга а, шуьйра а бу. Массо а хьох кхордуьйту цо. И кад буьззина ма бу! Хьо ехна а хир ю, цо гІайгІанех юзур а ю хьо. ХІаллакьхиларан, Іожаллин кад хьан йиша йолчу Шамран-гІалин ма бу. И кад ахьа дІамер бу берриг а, ткъа иза кагбелча, цуьнан аьхкашна тІе мотт хьоькхур бу ахьа, хьайн накхош а схьадохур ду ахьа. И иштта хир ду, иза Ас, Хьалдолчу Эло, аьлла дела». Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Со виц а вина, Суна букъ берзорна, ахь бала лан беза хьайн боьха леларна а, хьайн нахаца леларна а». Дийнахь галвер ву хьо, динан да, ткъа хьоьца цхьаьна буьйсанна пайхамарш а галбевр бу. Иштта хьан нана а дІасацор ю Аса. Массо а и бохамаш адамашна тІебаьхкина, хІетте а шайн Везачу Далла тІе ца доьрзу уьш, адамаша Цуьнга гІо а ца доьху. Иштта Исраилан халкъан куралло а цунна дуьхьал тоьшалла до.
Выбор основного перевода