Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Шун лаьттах схьадаьлларг а, аш къахьегнарг а шуна девзаш доцучу халкъо дуур ду. Массо а хенахь ницкъ беш а, охьатаІийна а хир ду шу. Эпрайман халкъ кхокханах тарделла, иза сонта а, кхетам боцуш а ма ду! Цуьнан халкъо Мисар-махке гІо доьху, Ашур-махка гІо деха а доьду иза. Эпрайман халкъ охьатоьхначу диттах тера ду: цуьнан орам бакъабелла, цо кхин стом лур бац. Ур-атталла цара бераш дахь а, церан кийрара схьадевлларш хІаллакдийр ду Аса, мел хьоме уьш царна делахь а». Эпрайман халкъ мох бажош ду, дерриг а дийнахь малхбалерчу махана тІаьхьадолу иза. Ша лело харцонаш а, бохамаш а алсамбоху цо. Ашур-махкаца барт а бо цо, Мисар-махка зайтдаьтта дохьуьйту цо».
Выбор основного перевода