Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Везачу Элан даше ладогІа, Седамера баьччанаш! Вайн Дала тІедиллиначуьнга ладогІа, Іаморера халкъ! Ва исраилхой, ладогІал Везачу Элан даше! Везачу Эло кху лаьтта тІерачу бахархошка иштта бехк боккху: «Лаьтта тІехь тешаме хилар а дац, безам а, Дела вовзар а дац. Динан дайн тоба тера ю кІелонехь Іуьллуш йолчу талорхойн тобанах. Шехеме боьдучу новкъахь адамаш дойу. Цара боьха мел дерг леладо. Пайхамар сан Далла уллохь ву, ткъа иза Эпрайман халкъан ха ду. Олхазарш лецархочун речІанаш массо а некъаш тІехь дІахІиттийна ю, ткъа мостагІалла ур-атталла цуьнан Делан цІа чохь а ду.
Выбор основного перевода