Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
«Шайн Везачу Дала шун дола дІалуш долчу лаьтта тІехь а долу, шуна кхочуш долу дакъа дІакъастош а долу, шайн дайша дІахІоттийна а долу шира доза дІа ма хиладе. „НеІалт хуьлда шен уллорачун дозанаш талхош волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ Хин Іовраша, Веза Эла, хьалаойу, хин Іовраша шайн аз хьалаойу, хин Іовраша чІогІа гІовгІа йо. Амма дукхачу Іоврийн гІовгІанал чІогІа бу, хІордийн тулгІенийн гІовгІанал чІогІа бу лакхаллехь волчу Везачу Элан ницкъ. Кестта Аса шуна тІе охьаІанор ю Сайн дералла, ткъа Сан оьгІазалла шуьга кхочур ю. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, Ас бекхам а бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гІуллакхашка хьаьжжина.
Выбор основного перевода