Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхерча тІера цІе, ян ца йовш, яга езаш ю цу хенахь. ХІора Іуьйранна динан дас кхерча тІе дечиг тилла деза, цу тІе дийнаташ дагоран сагІа а дилла деза, иштта бертан сагІанах йолу мохь цу тІехь яго а еза. Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „Везачу Элана лерина бертан сагІа доккхуш волчо цу сагІин цхьа дакъа Везачу Элана хьалха дахьа деза. Шен куьйгашца цІера тІехь доккху сагІа схьадан деза цо. Шатайпа сагІа санна, Везачу Элана хьалха дахьа деза цо махьарца долу некха тІера жижиг. Мохь динан дас кхерча тІехь ягор ю, ткъа некха тІера жижиг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дуьсур ду. Бертан сагІанах долу дийнатан аьтту гІогІ совгІатна динан дена дІадала деза. АхІаронан кІентех бертан сагІа, цІий а даьккхина, мохь а ягийна, кхочушдинчунна дІадала деза аьтту гІогІ. ХІунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагІанах шатайпа сагІина луш долу некхан жижиг а, совгІатна луш долу аьтту гІогІ а, схьа а эцна, АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дІадала дезаш ду. Чоконаш хьулъеш мел йолу мохь а, доІах тІехь йолу мохь а, шайна тІера махьарца ши жим а, схьа а эций, сагІа доккхучу кхерча тІехь багабе.
Выбор основного перевода