Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма цхьа хІума тІедуьллу ас шуна: шена чохь са долу, шех цІий дІадалаза долу жижиг ма даалаш. Миччанхьа шаьш Іаш делахь а бежанийн а, олхазарийн а цхьа а тайпа цІий ма даалаш. Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчарах цхьаммо муьлхха а цІийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгІазло яссор ю цІий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дІа а эккхор ду. ДегІан са цІийна чохь долу дела, Аса цІий сагІа доккхучу кхерчана лерина хилийта аьлла шуьга, цІий Іанорца шун синош къинойх цІандайтархьама. Шена чохь са долчу цІийно къинош дІа ма доху. Цундела аьлла Ас исраилхошка, царах цхьаммо а, царна юкъахь тІевеана Іаш волчо а цІий даа мегар дац. Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчех цхьаммо яа мегаш йолу акхаро я олхазар лацахь, цуьнан цІий дІа а дахийтина, юха цу цІийна тІе латта таса деза, хІунда аьлча муьлххачу дегІан са цуьнан цІийна чохь ду. Цундела аьлла Ас исраилхошка, шеца цІий долу цхьа а дилха ма даа. ЦІий дууш верг муьлхха а шен халкъана юкъара эккхор ву. Амма, варелаш, дийнатийн цІийца долу дилха ма даалаш, хи санна, лаьтта тІе дІаІанаделаш иза. Амма, варелаш, цІий даарх чІогІа ларлолаш, хІунда аьлча цІий – иза са ду, жижигца цхьаьна иза ма даалаш. Ма даалаш иза, хи санна, дІаІанаделаш иза лаьтта тІе. Шауле хаам бира: «Халкъ Везачу Элана хьалха къа латош ду, цІийца цхьаьна хІума юуш». Шаула цаьрга элира: «Аша шайх къа латийна. Схьатакхабе со волчу боккха тІулг». Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цІуша бехйина хІума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цІийх а ларло аьлла а.
Выбор основного перевода