Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІаронан кІенташа цІерана тІе техкинчу дечигашна тІехь долчу дийнаташ дагоран сагІанца цхьаьна ягор ю уьш кхерча тІехь. Цу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь ю. Динан дас сагІа доккхучу кхерча тІехь яго еза уьш. Иза цІера тІехь даьккхина кхачанан сагІа ду, Везачу Элана тамехь йолу хьожа ю и. Ерриг а мохь Везачу Элана лерина хила еза. Шайн Далла хьалха цІена хила беза уьш, Цуьнан цІе сийсазъян ца еза цара, хІунда аьлча Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІанаш дохурш бу уьш, ткъа и сагІанаш Делан кхача бу. Цундела цІена хилар тІехь ду царна. Динан да цІена лара, хІунда аьлча цо хьан Далла кхачанийн сагІанаш доху. ЦІена хуьлийла иза хьуна, хІунда аьлча шу даздеш волу Со, Веза Эла, цІена ву. «ДІаала АхІароне: „Нагахь хьан тІаьхьенах волчу цхьаннан дегІа тІехь сакхт хилахь, шен Далла кхачанийн сагІанаш даха мегар дац цунна. Иза гуттаренна а тІедуьллуш ду. «Исраилхошна тІе а дуьллуш, ахьа иштта дІаала: „Варелаш! Билгалъяьхначу хенашкахь Суна лерина долу Сан кхачанан сагІанаш дахалаш. И сагІанаш цІера тІехь даха дезаш ду, ткъа церан хьожа Суна тамехь хир ю“. Аша Сан цІийнан керта чу хийрачу къаьмнех болу нах балийра. Иштта сунтбаза а, дегнаш хедоза а болчу аьрхачу наха а, Сан цІенна улло а кхаьчна, иза бехдина, Суна тІе сагІанийн мохь а, цІий а деача. Шаьш мел динчу дегазчу гІуллакхашца Соьца бина болу барт бохийра аша. СагІа доккхучу Сан кхерчана тІе хьанал боцу кхача а бахьаш, боху-кх аша: „Оха муха сийсазваьккхина Хьо?“ Везачу Элана лерина болчу кхачанан шуьнах цадашарца аша Со сийсазваьккхина. Ткъа аша Со сийсазвоккху, Хьалдолчу Элана лерина долчу кхачанан шуьнах а ца дешаш, Цуьнан кхача дола а хеташ.
Выбор основного перевода