Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Схьадалийначу бежанан коьрта тІе цу стага куьг диллича, и сагІа цу стеган метта Дала тІеоьцур ду, цунна тІера къинош дІадахархьама. Делан цІенна хьалха, Везачу Элана а гуш, урс хьакха цу старгІина. Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цІий схьа а эций, сагІа доккхучу кхерчан еа агІонна тІе цинцаш тоха. Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цІийх цхьадерг АхІаронан а, цуьнан кІентийн а аьтту лерган дуьмана тІе а, аьтту куьйган а, коган а нана-пІелга тІе а хьакха. Юха сагІа доккхучу кхерчан еа агІонна тІе цІийн цинцаш тоха.
Выбор основного перевода