Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Везачу Элана лерина доккхучу бертан сагІанах лаьцна тІедиллинарг хІара ду. Цхьаммо и сагІа баркаллин сагІа санна даккхахь, сагІа доккхучу дийнатца цхьаьна цо зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тІехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах йина совсаза локъамаш а схьаян еза. Цул сов, морзанна тІехь дина бепиг а схьадан деза цо, баркаллина бертан сагІа доккхуш. Ша деанчу хІуманех цхьацца Везачу Элана лерина хилийта еза цо. Бертан сагІин цІий тухучу динан дена дуьсу иза. Баркаллина даьккхинчу бертан сагІин жижиг цу дийннахь даа деза, цунах хІумма а Іуьйренга далийта мегар дац. Нагахь цхьаммо сагІа шен нигатца я даггара болчу лаамца доккхуш делахь, сагІин жижиг цу дийннахь даа деза, бухадиснарг шолгІачу дийнахь а даа мегар ду. Ткъа сагІин жижиг кхоалгІачу дийне далахь, иза цІера тІехь даго деза. Нагахь цхьаммо цу сагІин жижиг кхоалгІачу дийнахь даахь, и сагІа къобал хир дац. СагІа даьккхинчунна цхьа а шапаІат хир дац иза бахьанехь, хІунда аьлча и сагІа Везачу Элана хьалха боьха хилла. Жижиг диинарг бехке а ву, шегара даьллачух жоп дала а деза цо. Нагахь цу сагІин жижиг Далла хьалха боьха йолчу хІуманах хьакхалахь, иза даа мегар дац, и жижиг цІера тІехь даго деза. Далла хьалха муьлххачу а цІеначу стага бертан сагІин жижиг даа мегар ду. Нагахь Далла хьалха цІена воцучу стага Везачу Элана леринчу бертан сагІин жижиг даахь, иза шен халкъана юкъара дІаваккха веза. Нагахь цхьа стаг, Далла хьалха цІена йоцучух – адамах я дийнатах, я текхаргех – а хьакхавелла, бертан сагІин жижиг даа хІоттахь, иза шен халкъана юкъара дІаваккха веза». «ДІаала исраилхошка: „Везачу Элана лерина бертан сагІа доккхуш волчо цу сагІин цхьа дакъа Везачу Элана хьалха дахьа деза. Шен куьйгашца цІера тІехь доккху сагІа схьадан деза цо. Шатайпа сагІа санна, Везачу Элана хьалха дахьа деза цо махьарца долу некха тІера жижиг. Мохь динан дас кхерча тІехь ягор ю, ткъа некха тІера жижиг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дуьсур ду. Бертан сагІанах долу дийнатан аьтту гІогІ совгІатна динан дена дІадала деза. АхІаронан кІентех бертан сагІа, цІий а даьккхина, мохь а ягийна, кхочушдинчунна дІадала деза аьтту гІогІ. ХІунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагІанах шатайпа сагІина луш долу некхан жижиг а, совгІатна луш долу аьтту гІогІ а, схьа а эцна, АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дІадала дезаш ду. Исраилхошка шаьш эрна арахь урс хьокхуш долу дийнаташ Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неІаре, динан да волчу схьадаладайта деш ду иза. Везачу Элана лерина бартбаран сагІина дайа деза цара и дийнаташ. Нагахь цхьаммо шен нигатца я даггара леларца Везачу Элана лерина бертан сагІина доккха я жима дийнат далийнехь, иза сакхт доцуш хила деза, Дела цунна резахилийта. Дийнаташна тІехь цхьа а сакхт хила йиш яц.
Выбор основного перевода