Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ВорхІ дийнахь иштта къа дІадоккху сагІанаш даха, кхерч баз а беш. ТІаккха иза чІогІа беза хир бу. Дерриг а кхерчах хьакхаделларг деза хир ду». КІен сагІанах диснарг АхІарона а, цуьнан кІенташа а дІадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагІа. Я пешахь, я ялгІу тІехь, я кхийрачу пхьегІи тІехь мел деттина кІен сагІа иза дІахьочу динан дена дуьсу. Цхьаммо и сагІа баркаллин сагІа санна даккхахь, сагІа доккхучу дийнатца цхьаьна цо зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тІехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах йина совсаза локъамаш а схьаян еза. Цул сов, морзанна тІехь дина бепиг а схьадан деза цо, баркаллина бертан сагІа доккхуш. Халкъо Суна сагІина лерина еанчу уггар езачу хІуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагІина мел деанчух – кІен а, я къинан а, я къера хиларан а сагІина деанчух – и дакъа хьуна а, хьан кІенташна а кхачош дерг ду.
Выбор основного перевода