Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Динан дас, схьа а эцна, кхерча тІехь сагІин цхьа дакъа дагор ду. Дерриге а Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. Цу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь ю. Дуьххьарчу ялтех кІен сагІа доккхуш делахь, цІера тІехь дакъийначу кенех даьхна аьтта долу буьртигаш да. Къа латийначу стага и дама динан да волчу схьадан деза. Динан дас, Везачу Элана деана хиларан билгалонна цхьа кана схьа а эцна, дама кхерча тІехь дагор ду кхачанан сагІа санна. КІен сагІанах цхьа кана тоьлла кІен дама схьаэца деза динан дас. Зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а и дама э а дина, иза кхерча тІехь даго деза. Дерриге а Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. Кхеравелла, цуьнга дІахьаьжира Корнил. «ХІун боху ахьа, Эла?» – хаьттира цо. Малико жоп делира: «Хьан доІанашна а, сагІанашна а Дала жоп делла.
Выбор основного перевода