Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дийнатан цІийн сагІа Суна даьккхича, совсийна бепиг Суна сагІина ма дагаде, ткъа дезачу денна Суна сагІина даьккхинчун мохь Іуьйренга ма ялийта. Дийнатан цІий Суна сагІина даьккхича, совсийна бепиг Суна сагІина ма даккха, ткъа Пасахьан сагІа Іуьйренга ма далийта. КІен сагІанах диснарг АхІарона а, цуьнан кІенташа а дІадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагІа. Морза а тухуш, датта ца деза кІен сагІин бепиг. Ас Сайн сагІанех динан дайшна луш долу дакъа ду иза. Къинах долчу сагІанах а, гІуда такхаран сагІанах а тера долу чІогІа деза сагІа ду иза.
Выбор основного перевода