Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн арара дуьххьара гулдина ялта хьайн Везачу Делан цІийне да. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде». Цул сов, морзанна тІехь дина бепиг а схьадан деза цо, баркаллина бертан сагІа доккхуш. «ДІаала исраилхошка: „Ас шайна луш долчу лаьтта тІе шаьш даьхкича, ялта чудерзочу хенахь дуьххьарлера цІов динан дега дІало. Цо и цІов, шатайпа сагІа санна, Везачу Элана хьалха хьалаойур бу, Иза шуна резахилийта. Шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу дийнахь и ялтин цІов Везачу Элана хьалха хьалаойур бу цо. Ткъа хІинца, Веза Эла, Ахь суна схьаделлачу лаьтто кхиийначу дуьххьарлерниг Хьуна деана ас“. Иштта а алий, и тускар охьа а диллий, шайн Везачу Далла суждане гІо.
Выбор основного перевода