Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Со бакъвеш волу Дела уллохь ву. Мила ву Соьца къовсавала лууш? ДІахІоттаве тхойшиъ дуьхь-дуьхьал! Мила ву Со бехкеван лууш верг? ТІеваийта иза Суна! Хьалдолчу Эло гІо до Суна. Хьаьнга ялур ю Суна кхел? Уьш массо а, бедар санна, тишлур бу, нецано йиъна хІума санна, дІабевр бу. Дийнахь а, буса а Шега кхойкхуш болу, Ша хаьржина болу нах нийсонна тІе кхачор бац Дала? Церан дуьхьа сихлур вац Иза? ТІаккха стигалахь чІогІа аз хезира суна. Цу озо бохура: «ХІинца Дала вай кІелхьардахар а, Цуьнан нуьцкъалалла а, паччахьалла а тІекхаьчна. Цо леррина Къобалвинчун олалла а тІедеана! ХІунда аьлча, дийнаххьий, буьйсанний вайн Далла хьалха вайн динан вежарий бехке а ийзош, уьш бехкебийриг Лаьтта охьатесна.
Выбор основного перевода