Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дала дІа ца тесна хьалххе дуьйна Ша хаьржина долу Шен халкъ. Шуна ца хаьа, хІун боху Эли-ЯхІу-пайхамарах лаьцна Делан Йозанашкахь? Исраилан халкъах лаьцна Деле латкъам беш, иштта боху цо: Ткъа вай массара а дуьхьал пардо доцучу яххьашца, куьзгано санна, Везачу Элан сийлалла дІагойту. Массо а хенахь вайн сийлалла сов а йоккхуш, вай Цуьнан васте хуьйцуьйтуш ду Делан Са долчу Везачу Эло. хаьржина Дала, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайх Шен бераш дархьама. Иштта яра Цуьнан Іалашо, иштта бара Цуьнан лаам. Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала вай Шен долахь хилийта хаьржира. Массо а хІума Шен лаамца а, сацамца а кхочушдеш Волчо, Шен Іалашоне хьаьжжина, билгалдаьккхинера иза иштта. Вайн сий доцу догІмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегІах а тардина. И дийр ду Цо массо а хІума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца.
Выбор основного перевода