Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Шен хьарам лаам кхочушбеш, къилахь долу хІу тосучо хІаллакьхиларан ялта хьокхур ду. Ткъа Делан Синан лаам кхочушбеш хІу тосучо, Делан Сино луш долчу, хедар доцучу дахаран ялта хьокхур ду. Иштта, хьалхалерчу ширачу адаман лелар дита. Стаг Іехош болчу лаамаша талхош ду и шира адам. Шайн са а, хьекъал а карладаккхийта. Билггал нийса а долуш, цІена а долуш, Делах тера кхоьллина долу керла адам а хилий, дІахІитта. Иза иштта долу дела, шайна чохь лелаш болу а, кху дуьненца боьзна болу а адамийн лаамаш хІаллакбелаш: нахаца лелар, цІена доцург лаар, боьхачу лаамех дуьзна хилар, зуламе лаамаш хилар, сутара хилар (хІунда аьлча сутара хилар цІушна Іамал яр санна ду).
Выбор основного перевода