Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийсан цІийца вай бакъдина хилча, Цуьнгахула муххале а кІелхьардевр ду вай Делан оьгІазлонах. Ткъа и адамаш Дала хаьржина долу вай ду – жуьгташна юкъара хаьржинарш хилла а ца Іаш, амма кхечу къаьмнашна юкъара хаьржинарш а. Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан цІарца а, вайн Делан Синца а шу цІан а дина, даз а дина, бакъ а дина. хаьржина Дала, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайх Шен бераш дархьама. Иштта яра Цуьнан Іалашо, иштта бара Цуьнан лаам. Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала вай Шен долахь хилийта хаьржира. Массо а хІума Шен лаамца а, сацамца а кхочушдеш Волчо, Шен Іалашоне хьаьжжина, билгалдаьккхинера иза иштта.
Выбор основного перевода