Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тІейогІуш ю, иза Іесачеран коьрта тІе, йилбазмох санна, южур ю. Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. ТІаккха? Дуй те вай царал тоьлуш? Данне а дац, хІунда аьлча ас дІагайтина жуьгтий а, кхечу къаьмнех берш а къинан долахь хилар. Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Іийсах болу хаза кхаъ тІе ца эцначарна а дІадоькхур ду Цо.
Выбор основного перевода