Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Амма Іесачуьнга Дала иштта боху: «Ас тІедехкинарш а хІунда кхайкхадо ахь, Соьца бина барт а хІунда бу хьан багахь? Ткъа хьо нисвар хьуна бІаьрга дан ца деза, Сан дешнаш а хьайна тІехьа дІатотту ахьа. Хьайна къу гича, цуьнца а лела хьо, сийсаза лелачаьрца а хьо-со хуьлу хьан. Ахь хьайн багах вон дешнаш а довлуьйту, хьан матто мекарло а кхуллу. Охьа а хаий, хьайн веших лаьцна вониг олу ахь, хьайн ненан кІантах лаьцна харцдерг кхуллу ахь. Ахь иза леладора, ткъа Со вист ца хуьлура. Хьуна-м Со хьайх тера ву моьттира. Амма хІинца Ас хьуна тІехдеттар а ду, хьан бІаьргашна хьалха Ас хьох бехк боккхур а бу. Цу тайпана, цара дан деза бохург дерриг а кхочушде, амма уьш санна ма лела, хІунда аьлча цара дан деза олу, ткъа шаьш и гІуллакхаш дан а ца до. Цара чІогІа хала парзаш хІиттадо. Уьш кхочушдан чІогІа хала ду. И парзаш нахана тІе а дехкина, уьш цаьрга дІакхехьийта гІерта. Ткъа шаьш пІелг меттахбаьккхина а хІума дан лууш бац.
Выбор основного перевода