Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дауд цу стагана чІогІа оьгІазвахара. Цо Натига элира: «Дийна волчу Делах дуй боу аса, и хІума дина волу стаг вен ма веза! Цу уьстагІна дуьхьал цо доьазза дукха мах бала ма беза, хІунда аьлча цуьнан даг чохь къинхетам ца хилла, и хІума ша деш». ТІаккха Ната-пайхамаро Дауде элира: «Хьо ву-кх и стаг! Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Аса хьо Исраилан халкъана тІехь паччахь хилийта къобалвина. Аса ваьккхина хьо Шаулан куьйга кІелара схьа. «Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах. «Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. Цхьа а бехке ма ве, Дала шу а бехке дийр дац. КъинтІерадовла нахана, Дела шуна а къинтІера вер ву.
Выбор основного перевода