Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
безам а, Хьалдолу Эла, Хьан бу. Ша-ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, Хьо хІоранна а доггІург дІалуш ву. «Цунах лаьцна ца хаьара тхуна», – ахь алахь, дегнаш Зуьйшволчо оцу хІуманан тидам ца бо те? Хьан дахар лардеш Волчунна и хІума дика хууш ду хьуна! Ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, стагана доггІург дІалур ду Цо Адамийн КІант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дІалур ду, хІораммо а динчуьнга хьаьжжина. ТІаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гІуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гІур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гІуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу.
Выбор основного перевода