Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Иза массеран а дуьхьа велла, дехаш долу адамаш хІинца шайн дуьхьа а доцуш, амма, вала а велла, веллачуьра денвина волчун дуьхьа дахийтархьама. Бакъдерг аьлча хІинца вехаш верг со вац, ткъа Дала леррина Къобалвинарг соьгахула вехаш ву. Со дилха долуш вехаш хиларан бахьана ду, со веза а везна, Ша сан дуьхьа дІавелла волчу Делан КІантах тешаш со вехаш хилар. Сайн кІорггера болчу лааме а, сатийсаре а хьаьжжина, со цхьана а хІуманна тІехь юьхьІаьржачу хІуттур вац, амма сайн мел йолчу майраллица вистхуьлуш лелар ву Дала леррина Къобалвинарг, гуттара а санна, хІинца а соьгахула лакхавалийтархьама – со вехар велахь а, я лийр велахь а. ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг – сан дахар ду, ткъа Іожалла – суна пайда хилар ду. Іийса вайн дуьхьа велла, вай Шеца дахийтархьама, Иза схьавогІучу хенахь вай дийна я делла делахь а. дуьнен чохь яккха йисина хан, дегІан лаамийн кара а ца воьдуш, Дала бохург деш йоккхуш хир ву.
Выбор основного перевода