Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Хьайн вешина хьарам хетарг а юуш, цунна халахетар деш хьо велахь, иза даггара везаш лелаш вац хьо. ХІаллак ма вехьа айхьа юучуьнца Дала леррина Къобалвинчо цуьнан дуьхьа Шен дахар дІаделларг. Делахь а шу ларлолаш, тешарехь чІагІделла доцурш, шаьш паргІато лелочу хІуманна тІехь, Іеха а делла, къинош летадарх. ХІунда аьлча нагахь оцу кІеда дог долчунна, хьайн оццул «кхетам» боллушехь, ахьа а цІушна Іамал ечу цІа чохь юург юуш гича, тІаккха, ша а яа мегар ду аьлла, хетар дуй те цунна и цІушна сагІина еана йолу юург? ТІаккха хьан «кхетам» бахьана долуш, шен дуьхьа Дала леррина Къобалвинарг велла волу, и кІеда дог долуш волу хьан динан ваша хІаллакьхир ву. Шайн динан вежаршна дуьхьал цу тайпана долу къа латадарца, церан кІедачу дегнашна чов а еш, аша Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал къа латадо.
Выбор основного перевода