Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
БІаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дІабуьгур бу Ас, царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан. Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас, ситтина некъаш нис а дийр ду. Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг. Уьш дІатосур бац Ас. Цуьнгахула кхечира суна векал хила аьлла долу совгІат, Цуьнан дуьхьа кхин мел долчу къаьмнех болу нах Делах тешийта а, Цунна муьтІахь хилийта а. Шен къайлаха йолу Іалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Іалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю. Хьалхалерчу адамийн тІаьхьенашна и къайле йовзийтина яцара. Амма хІинца Дала базбинчу векалшна а, пайхамаршна а Делан Синца иза йовзийтира. Дала и къайле кхочуш муха йо адамашна довзийтар а. Массо а хІума кхоьллина волчу Дала абаденера дуьйна хьулйина яра и къайле. Оцу Делан дашна чохь цхьа къайле ю. И къайле бІешерашкахь дуьйна массо а адамийн гаранашна дІакъевлина яра. Ткъа хІинца иза Шен долахь болчарна дІайовзийтина Дала.
Выбор основного перевода