Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Юха а элира Дала: «Шуна ло Аса дерриге а лаьтта тІера массо а хІу тосу ораматаш а, массо тайпана стом ло дитташ а, шайна чохь оццу диттийн хІу а долуш. Царех хир ю шуна юург. Массо а ораматаш еллера Ас шуна, ткъа хІинца дерриге а дийнаташ хир ду шуна юучунна. Лаьттара са мел долу хІума а дІало Ас шуна юучунна. Шайн эхь-бехке хьаьвссина, цхьа а хаттар ца деш, базарахь духкуш долу муьлхха а жижиг даа мегар ду аша. Дала кхоьллинарг дерриг а дика ду. Цхьа а хІума вон дац, Далла хастамаш а беш, иза тІеоьцуш делахь, Цхьаболчара олу: «ЦІена болчарна массо а хІума цІена ду, ткъа къинош летийначарна а, Іийсах ца тешачарна а цхьа а хІума цІена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду.
Выбор основного перевода