Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Сан парзаш а, Ас тІедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву. Ахьа цаьрга дІахьедора, Хьайн товрат-хьехамашна тІе юхадерза дезар дІахоуьйтуш, амма цара, кура а бевлла, Хьан весеташ дІатеттира. Ахьа тІедиллинчарна дуьхьал къинош летийра цара. Делахь а, уьш лардийриг церан гІоьнца вехар вара. Бухахьа а бевлла, Хьох дІа а бирзина, дегнаш чІагІ а дина, Хьоьга ла ца дуьйгІира цара. Ас царна Сайн парзаш а делира, иштта Сайн тІедехкинарш дІа а хаийтира. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула билггал вехар ву. Амма Исраилан халкъ Суна дуьхьалделира яьссачу аренгахь. Цара Сан тІедехкинарш кхочуш а ца дора, иштта Сан парзаш дІа а тоттура. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош чІогІа сийсаз а дохура. ТІаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь Сайн дералла царна тІе йоссо, уьш хІаллак а беш. ткъа со велира. Суна ваха аьлла деллачу весето со валарна тІевалийра. Муса-пайхамаран товрат тІехь долчу бакъахьарачу гІуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тІехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».
Выбор основного перевода