Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Ма мотталаш, Со товрат тІера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дІадаха веана. Со и хьехамаш дІабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву. Цунах тешначунна кхел яц. Ткъа Цунах ца тешначунна кхел йина ю, иза Делан цхьаъ бен воцучу КІантах цатешарна. Динан вежарий, шуна хууш дац ткъа (аса хІара бакъонаш евзачаьрга ма боху), бакъонаша, адам дийна мел ду, цунна тІехь олалла дойла? Товрат-хьехамийн бакъонаша тІе-ма-диллара, марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, цунна тешаме хила еза. Шен майра велча, оцу бакъонех иза паргІатйолу. Цундела, майра дийна а волуш, иза кхечуьнга яхча, иза нахаца леларг лору. Амма майра велла йолу зуда маре яхча, иза нахаца леларг ца лору. Иштта шу а, сан динан вежарий, Дала леррина Къобалвинарг валарца Цуьнца цхьаьна товрат-хьехамашна делла ду. Веллачуьра Денвинчун дола вай девлла, Далла стоьмаш бахьаш долу дахар вайн хилийтархьама. Иштта Дала леррина Къобалвинарг схьаваллалц, вайна тІе хІоттийна волу тІехьожург санна, дара товрат, тІаккха Цунах тешар бахьана долуш Далла хьалха вай бакъдархьама. Цу бартах «керланиг» а аьлла, хьалха хилларг шира хилар гайтина Цо, ткъа ширделларг кестта дІадолу.
Выбор основного перевода