Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Кипа дийца волавелира: «ХІинца хаьа суна Дела билггала озабезам ца беш вуйла. Шуна хаьа хир ду Дала Исраилан халкъана бахьийтинчу кхоах лаьцна. Массеран а Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Делаца бинчу бартах лаьцна бу и хаза кхаъ. Дала цхьа а тайпа башхо ца йо царна а, вайна а юкъахь, хІунда аьлча Цо, Шех тешар а делла, хьаналдина церан дегнаш. Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарехула нах Шена хьалха бакъбо Дала. Іийсах тешачарна массарна а ло Дала и бакъдар. Царна юкъахь башхо яц, Ткъа Дела кхечу къаьмнех болчу нехан а воцуш, беккъа жуьгтийн Дела ву те? Вац дера, Иза кхечу къаьмнех болчу нехан а Дела ву. Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргІатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду.
Выбор основного перевода