Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Ас, Везачу Эло, нийсоне хьаьжжина, тІекхайкхина хьо. Хьан куьг схьалаьцна латтор ду Ас, хьо Іалаш а вийр ву. Хьох халкъаца бечу бертан юкъалеларг а, кхечу къаьмнашна серло а йийр ю Аса, Хьоьга бІаьрзечарна са гайтийтархьама а, тутмакхаш набахтера арабахийтархьама а, боданехь Іаш берш серлонга бахийтархьама а. «Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса, Со ца лехначарна Со карийна. Сайн цІаре доІанца кхойкхуш доцчу халкъе: „Со кхузахь ву! Хьуна гІо дан кийча ву!“ – баьхна Ас. ХІун эр вай хІинца? Вайна хІара хиъна: кхечу къаьмнех берш, цара Далла хьалха шаьш бакъдар ца лехнехь а, церан тешарехула бакъбина хилар. Дийнахь сарралц Сайн куьйгаш вочу новкъахула шайн лаамашца леллачу къар ца лучу халкъе а кховдийна, Іийна Со.
Выбор основного перевода