Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дерриг а лаьтта тІехула чекхйолу церан лар. Дуьне мел ду дІакхочу церан тоьшалла. Стигалшкахь маьлхана Іан меттиг елла Дала. И Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ дерриге а дуьнен чохь дІакхайкхор бу, массо а адамашна иза тоьшалла хилийтархьама. Цул тІаьхьа тІекхочур ю дуьненан чаккхе». Кхин цхьа хІума а эр ду Аса шуьга: шух волчу шиммо, барт а бина, доІанехь Деле доьхуш хилахь, цара деххнарг Сан стигалахь волчу Дас кхочушдийр ду. Шу долчу кхаьчна болу и хаза кхаъ дерриг а дуьнен тІехь шен стом луш а, дІасабаьржаш а бу, Делан дика баккъалла а муха хуьлу шуна хезначу а, шу кхеттачу а дийнахь дуьйна, шуна юкъахь и кхаъ иштта лелаш ма-хиллара. Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тІехь шеконаш а йоцуш, чІагІ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дІа ца хадийтахь а. Стигал кІел болчу массаьрга а дІахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахІалах. Ткъа Везачу Элан дош а, шун Делах тешарх болу хаам а шуьгара Македон-махка а, Ахай-махка а кхаьчна ца Іаш, массо а кхечу меттигашка а дІасабаьржина. Цундела шух лаьцна оха дийца оьшуш кхин цхьа а хІума дац.
Выбор основного перевода