Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
Цуьнца бара накъостий: Берия-гІалара Пирран кІант Сопатар а, Тассалник-гІалара Арестах а, Секант а, Дерби-гІалара Гаяс а, Тимапи а, Асиа-махкара шиъ – ТихІак а, ТрахІим а. Ткъа сох лаьцна а, сан гІуллакхех лаьцна а – шадерг а вайн хьомечу вашас, Везачу Элана леринчу къахьегарехь тешамечу гІуллакхдархочо ТихІака дІадуьйцур ду шуна. Шу долчу, тхан гІуллакхех лаьцна шуна дІахаийта а, шун дегнаш тедархьама а, аса леррина вохуьйтуш ву иза. ТихІак Эпас-гІала вахийтина ас. Артем я ТихІак аса хьайна тІеваийтича, со волчу Никупола-гІала схьаван хьажа сихо елахь, хІунда аьлча цигахь Іа даккха сацам бина аса.
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода