Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цІена хила». Динан вежарий, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа а, Делан Сино вайна вовшашка луш болчу безаман дуьхьа а аса доьху шуьга соьца цхьаьна суна тІера Деле чІогІа доІанаш дар. Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогІучу тешарна къахьоьгуш бу. Цхьа а хІума шена пайда леха а, дозалла дан а ца деш, хІораммо а, ша-ша эсала а хуьлуш, вовшийн лакхара ларалаш. И хаза кхаъ вайна везаш волчу Эпарпис бовзийтинера шуна. Вайца цхьаьна Далла гІуллакх деш ву иза, ткъа шун дуьхьа иза Дала леррина Къобалвинчун тешаме ялхо а ву. Маршаллаш доуьйту хьоьга соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа тутмакх хиллачу Эпарпис а,
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода