Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
Хьекъалечу стеган дешнаша цунна ларам бахьа. Ткъа сонтачу стеган бето ша-шен хІаллакво. Туьха дика хІума ю, амма цуьнан чам дІабаьлча, иза юха дуьра стен дийр ду? Шайна чуьра туьхан чам ма байа, вовшашца бертахь а Іе». Шайн багара цхьа а оьзда доцу дош ма далийта. Ткъа олу дош диканиг хилийта, оьшшучу хенахь кхиберш иракара а хІиттош, ладугІуш болчарна тамехь а долуш. Цу тайпана вайн Веза Эла волчу Іийсан цІе шуьгахула а, ткъа шу Цуьнгахула а гІарадевр ду. Вайн Дела а, Веза Эла а волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан долчу диканца хир ду иза. Дала леррина Къобалвинарг шайн дегнашкахь Веза Эла санна хилийта. Шайга хаттахь, гуттар а кийча хила жоп дала, шуьца болу сатийсам стенца боьзна бу. Вайн Веза Эла а, КІелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Іийса вовзарехь а, Цунах схьадолучу диканехь а алсамдовлалаш. Сий ду Цуьнан тахана а, тІейогІу йолчу ерриге хенахь а. Амин.
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода