Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
Дерригенах кхета а кхетта, Мареман цІа долчухьа вахара Кипа. Марк аьлла цІе йоккхучу Яхьъян нана яра и Марем. Цуьнан цІа чохь дуккха а адам гулделлера доІанаш дан. Шайна тІедиллина гІуллакх Ярушалаймехь чекх а даьккхина, вухавеара Бар-Нааб а, Шаул а. Марк аьлла кхин а цІе йоккхуш волу Яхьъя а валийра цара шайца. ПатІосера ПахІал а, цуьнан накъостий а Пампили-махкахь йолчу Перги-гІала бахара хІордахула. Уьш цигахь а битина, Ярушалайме юхавеара Яхьъя. Бар-Наабана шеца, Марк олий, кхин цІе йоккхуш волу Яхьъя схьаэца лиира. Амма ПахІал реза вацара, шаьш Пампилехь Іадда а дитина, болх чекхбаккхалц ца Іийна волу стаг шайца схьаэца. Цу тІехула царна юкъахь баьлла къовсам бахьанехь дІасакъаьстира и шиъ. Бар-Нааб, шеца Марк а эцна, хІордкеманца Кипре вахара. Ерриг а гІала карзахъелира. Адамаш гІалахь нах гуллучу метте – театре дІахьаьлхира, шайца ши македонхо, ПахІалан накъостий, Гаяс а, Арестах а, такхийна. Цуьнца бара накъостий: Берия-гІалара Пирран кІант Сопатар а, Тассалник-гІалара Арестах а, Секант а, Дерби-гІалара Гаяс а, Тимапи а, Асиа-махкара шиъ – ТихІак а, ТрахІим а. Асиа-махка доьдучу Адрамитти-гІалин хІордкеманна тІе а хевшина, новкъадевлира тхо. Тхоьца Арестах цІе йолу Тассалник-гІалара македонхо а вара. Лака воцург, кхин цхьа а вац соьца висина. Лаха а лахий, Марк а схьавалавехьа хьайца. Сан балхана тІехь суна пайден хир ву иза. соьца цхьаьна динан гІуллакх дІакхоьхьуш болчу Марка а, Арестаха а, Демис а, Лакас а.
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода