Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
Іийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла. Кхин а аьлла ду: «Даккхийде, кхечу къаьмнех долу адамаш, Делан халкъаца цхьаьна». Суна дуьхьалбевлларш дукха белахь а, хаза кхаъ дІакхайкхо кхузахь йоккха а, шуьйра а неІ дІайиллина ю суна. Суна а дехалаш Деле, аса сайн бага мел йоьллучу хенахь хазачу кхоан къайле майрра йовзийта дешнаш суна далар доьхуш. Цу хазачу кхоан дуьхьа набахтехь волу Іийсан векал ву со. Деле дехалаш, айса дийца ма-деззара, хаза кхаъ соьга майрра дІакхайкхабайта алий. Оцу Делан дашна чохь цхьа къайле ю. И къайле бІешерашкахь дуьйна массо а адамийн гаранашна дІакъевлина яра. Ткъа хІинца иза Шен долахь болчарна дІайовзийтина Дала. Делан лаам бу Шен къайленан хьал мел сийлахь ду Шен долахь болчарна дІахаийтар. Массо а къаьмнех болчеран дуьхьа ю и къайле: Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь ву, цундела шун сатуьйсийла ду Делан сийлалле. ХІунда аьлча цара шаьш а дуьйцу тхох лаьцна. Цара дуьйцу, тхо шуна тІе муха даьхкира а, иштта шу, цІуйх дІа а дирзина, Делехьа дерзарх лаьцна а, дийначу а, бакъволчу а Далла гІуллакх дархьама. Динан вежарий! Везачу Элах лаьцна кхаъ, шу долчохь ма-хиллара, сиха дІасабаржийта а, лоруш тІеэцийта а тхуна тІера доІанаш делаш.
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода