Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Иштта, вай хих чекхдахийтича, вай Цуьнца цхьаьна дІа а доьхкина, дала а делла. Ткъа иза хилира, Шен Ден ницкъаца веллачуьра денвина волу Дала леррина Къобалвинарг санна, вай а керлачу дахарехь Іайтархьама. Иштта, хьалхалерчу ширачу адаман лелар дита. Стаг Іехош болчу лаамаша талхош ду и шира адам. Вай вовшийн меженаш йолу дела, харцдерг дІа а таттий, вовшашка бакъдерг дийца. Шаьш дарделлачу хенахь къинош ма летаде. Малх дІа ма бузийта, шаьш дарделлачохь а дуьсуш. Ма йита иблисана цхьа а меттиг. ХІума лечкъош хиллачо кхин ма лечкъае. Мелхо а, шен куьйгашца диканиг а деш, къахьега деза цо. ТІаккха мискачунна кховдо хІума а хир ю цуьнан. Шайн багара цхьа а оьзда доцу дош ма далийта. Ткъа олу дош диканиг хилийта, оьшшучу хенахь кхиберш иракара а хІиттош, ладугІуш болчарна тамехь а долуш. Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тІе тоьхна мухІар ма ду Иза, паргІатдахаран денна тІекхаччалц. Шух доллучу массо а вонца цхьаьна шайна тІера муьлхха а кхоьлина хилар а, дералла а, оьгІазло а, мохь хьекхар а, вониг алар а дІадаккха. Цундела, гонах тешийн бІо хиларна, ваьшна тІера массо а новкъарло а, ваьшна гонах хьаьрчаш долу къа а дІадоккхийла вай. Доьналла а долуш, ваьшна хьалха хуьлучу къийсаман новкъахула дІадовдийла вай,
Выбор основного перевода