Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Лаьттах а дохуьйтуш, дІадоьчу хенахь дегІ сийсаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза хазаллех дуьзна хир ду. ДІадоьчу хенахь дегІ эгІаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза ницкъ болуш хир ду. Бакъдерг аьлча хІинца вехаш верг со вац, ткъа Дала леррина Къобалвинарг соьгахула вехаш ву. Со дилха долуш вехаш хиларан бахьана ду, со веза а везна, Ша сан дуьхьа дІавелла волчу Делан КІантах тешаш со вехаш хилар. ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг – сан дахар ду, ткъа Іожалла – суна пайда хилар ду. Вайн сий доцу догІмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегІах а тардина. И дийр ду Цо массо а хІума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца. Сан хьоменаш! ХІинца вай Делан бераш ду, амма кхул тІаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хІинца а дІа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела.
Выбор основного перевода