Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Вайна хаьа, шира адам Іийсаца цхьаьна жІарах дІатоьхна, къа лато хуьлуш болу вайн лаам хІаллакбархьама а, ткъа иштта къинан леш вайх кхидІа ца хилийтархьама а, Цундела аша шаьш а къинна делла лара. Ткъа шаьш дийна хилар – Делан дуьхьа дехаш хилар лара вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна. Дерриг эхь а дайина, шайн догІмийн боьхачу лаамашна тІаьхьа а бевлла, шаьш лелош долу тайп-тайпана маьттаза хІуманаш ца Іебаш кхочушдо цара. Нахаца лелар а, боьха лаамаш а, бІаьрмециг хилар а – и хІуманаш, шу Делан долахь долу дела, ур-атталла цІе йоккхуш а ма хуьлийла шуна юкъахь. ХІунда аьлча хІара хаалаш: цхьа а нахаца леларг, я боьха лаамаш берг, я бІаьрмециг верг (иза цІушна Іамал йийриг ву) Дала леррина Къобалвинчун а, Делан а пачхьалкхехь хиндолчу абаде дахаран декъахь хир вац.
Выбор основного перевода