Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Леш, адамаш долчу олахошна кхерамца а, ларамца а цІеначу дагца муьтІахь хила, Дала леррина Къобалвинчунна муьтІахь шаьш ма-хиллара. Царна муьтІахь хила, мотт хьоькхучу адамаша санна, моттаргІанаш а ца еш, ткъа Дала леррина Къобалвинчун леша санна, даггара Делан лаам кхочуш а беш. Хазахетарца, Везачу Элана деш санна, гІуллакх делаш, адамашна деш санна а доцуш. Лай я маьршаниг велахь а, нагахь цо диканиг дахь, цунна изза Везачу Элера юхакхочур дуйла хууш, делаш шаьш дийриг. Лешна а хьеха шайн олахошна муьтІахь хила безарх а, цара олахошна массо а хІуманна тІехь там бан безарх а, олахошна уьш дуьхьал лен ца безарх а лаьцна. Лай тІеоьцуш санна а доцуш, лел лакхара а лоруш, хьоме динан ваша санна, тІеэцахьара ахьа иза. Суна чІогІа дукха веза иза. Ткъа хьуна суна чул а сов везалур ву. Лай санна везалур вац иза, амма Везачу Элера волу ваша санна везалур ву.
Выбор основного перевода