Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Наха шуна йинчу хьарамаллина аша гечдахь, стигалахь волчу шун Дас шуна а дийр ду геч. Цхьанна а цхьа а хІума декхарийлахь ма хилалаш, вовшашна дІабала беза безам боцург, хІунда аьлча кхиверг везаш волчо товрат-хьехамаш кхочушбина. Тешар тІехь чІагІделлачу вай чІагІбелла боцучарна гІо дан деза, ваьшна тамехь дерг дина а ца Іаш. Амма вовшашца дика а, къинхетаме а хила. Дала шуна Ша леррина Къобалвинчуьнгахула гечдаре терра, шу а вовшашна къинтІера довла. Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогІучу сагІина а, Далла тамехь долчу гІурбанна а дІаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна.
Выбор основного перевода