Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Цундела, нагахь санна сунтвина воцучо товрат-хьехамаша тІедиллинарг кхочушдеш хилча, иза сунтвича санна лорийла дац ткъа? Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар – йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу. Сунтвина хилар а, сунтваза хилар а – хІумма а доцург ду. Ткъа цул а коьртаниг ду Делан парзаш кхочушдар. Я сунтвар а, я сунт ца вар а хІумма а доцу хІума ду, хьох юхакхоьллинарг хилар воцург!
Выбор основного перевода