Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
ТІаккха, хІун ала вай? Къинош а летош Іей те вай, Делера долу доккха дика кхин а алсамдалийтархьама? ТІаккха иштта къинош летор дуй те вай, товрат-хьехамашна долахь а доцуш, Делан доккхачу диканан олаллехь хилча? Дера дац! Шу кхеташ дац те, леш санна цхьанна муьтІахь хила шу карадахча, шу къар а лой, цуьнан леш хуьлий? Я къинан леш хуьлу шу, ткъа иза бахьана долуш шу хІаллакдийр ду, я Далла муьтІахь хиларан леш хуьлу, ткъа иза бахьана долуш шу Далла хьалха бакъдар ду. Далла бу хастам! ХІетахь къинан леш шу хиллехь а, хІинца шаьш муьтІахь динчу хьехаман кепехь даггара къарделла шу. Къинойх паргІатдевлла долу шу, хІинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран леш хилла. Шун адамийн синош гІийла долу дела, шу кхетар доллучу маттахь боху ас. ХІетахь шайн дегІан меженаш сийсаза леларан а, зулам даран а лолле дІаеллера аша, ткъа цунах кхин а дукха зулам хилира. Ткъа хІинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран лолле дІало уьш, иштта шу Далла герга кхочур ду. Шу къинан леш долчу хенахь, Делан лаамехь дерг кхочушдарх мукъа дара. Шаьш хІинца юьхьІаьржачу хІиттош, хІетахь лелийначу гІуллакхех шуна хІун пайда баьлла? Цу гІуллакхийн чаккхе Іожалла ма ю! Ткъа хІинца, къинан олаллех паргІат а даьхна, шу Делан леш хилча, цунах Далла гергакхачаран пайда хуьлу шуна, ткъа иза бахьана долуш хедар доцу дахар хир ду шун. Делахь а шу ларлолаш, тешарехь чІагІделла доцурш, шаьш паргІато лелочу хІуманна тІехь, Іеха а делла, къинош летадарх. Массарах а паргІат воллушехь, массарна а хьалха лолла вахана со, царах дукхахберш тІеберзорхьама. Дала леррина Къобалвинчо вай паргІатонехь дахийтархьама елира вайна паргІато. Цундела чІагІлой Іе шайн паргІатонехь, шаьш цхьаьнгге а юха а лолла ца лацийта.
Выбор основного перевода