Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Со ца кхета айса лелочух: сайна дан луург аса ца до, ткъа сайна бІаьрга дан а цадезарг ас кхочушдо. Нагахь санна аса сайна дан луург деш хилча, товрат-хьехамаш дика бу аьлла, тІеоьцу аса. Делахь и кхочушдеш верг баккъалла а со вац, ткъа суна чохь дехаш долу къа ду. Суна хууш ма ду, суна чохь, баккъалла аьлча, сан адаман са чохь, цхьа а диканиг доллуш цахилар. ХІунда аьлча дика хІума дан лаам сан боллушехь, иза кхочуш ца бало соьга. Сайна дан лууш долу дика дерг аса ца до, ткъа дан лууш доцу вониг до аса. Нагахь санна дан ца лууш дерг аса деш хилча, тІаккха со вац-кх и деш верг, суна чохь дехаш долу къа ду-кх. Иштта суна хаало хІара массо а ханна лелаш дерг: хІоразза а дика дерг дан суна дагадеача, вониг дан лаам суна чохь хилар. Ткъа суна чохь долчу адамна Делан хьехамийн Іедалца хазахетар карадо. Амма сан меженашна чохь кхин тайпа массо а ханна лелаш дерг го суна. Оцу Іедало сан хьекъал чохь болчу лаамца къуьйсу. Сан меженашкахь лелаш долчу къинан Іедалан йийсархо во цо сох. Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тІом бечу дегІан лаамех ларлолаш.
Выбор основного перевода