Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Харцо цІерах тера ю, цо, марсйолуш, коканан а, кІохцалан а коьллаш ягайо, юха луьстачу хьуьна юккъе кхочу иза, кІур стигала хьала а болуьйтуш. Массо а ницкъийн Везачу Элан дералло махках цІе тосу, ткъа халкъ цІеро дІакхоллу. Стаг шен ваша кІелхьарваккха а ца хьожу. Нах, аьтту агІор кхевдича а, меца буьсур бу, аьрру агІор кхевдича а, меца буьсур бу. ХІора а шен гергарчунна тІелетар ву. Маннашан тайпано Эпрайман тайпанна дуьхьал тІом бийр бу, Эпрайма Маннашана дуьхьал, юха и ши тайпа ЯхІудана дуьхьал летар ду. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгІазалла дІа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидІа а халкъана тІехула дІакховдийна ду, таІзар дархьама. Аша са ма туху, шайх леш дича а, шайна бала бича а, шайга харж яйтича а, шайна кураллаш йича а, шайн юьхь тІе йиттича а.
Выбор основного перевода