Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Цо иза дина, вешан синан лаамашца а доцуш, ткъа Делан Синца дехаш долчу вайгахула товрат-хьехамийн бакъдолу декхарш дуззалц кхочушхилийтархьама. Иштта, динан вежарий, Делан Синан лаамца даха декхарийлахь ду вай, амма вайн синан лаамца даха ца деза вай. ХІунда аьлча шайн синан лаамашца дахахь – шу лийр ду, ткъа Делан Синан гІоьнца шайн дегІо летош долу къинош аша хІаллакдахь – шу Дела волчохь дехар ду. Амма шаьш Дала леррина къобалвинчу Іийсан болчара шайн хьарам лаамаш, шайн боьхачу ойланашца, жІарах дІатоьхна. Вайн дахар Делан Синца хилча, тІаккха Делан Сино ма-бохху лела вай.
Выбор основного перевода